Kishore Kumar Hits

Имам Алимсултанов - Аллаhу Акбар текст песни

Исполнитель: Имам Алимсултанов

альбом: Толам


Замано гIулч яккхи - тIебеъна тIом
Юха а хIаллакдан вайн Нохчийн къам
Маршо вай ларъйийр ю, ГIазоте гIовта
Делан ницкъ вайца бу мостагIий ата!
Вайн Махкахь дукха хилла халонаш Iовшар
ГIазот дар сийлахь ду, хIилланаш - сутар
Же, гIовтта, генахь дац толаме хабар
МостагIчун тIелата, АллахIу Акбар!
Фердовсехь Ялсмане яккха дац атта
Делан омра кхочуш деш ГIазотехь латта!
Дуьненахь хала некъ вай тахна барна
Дика-вуо къастор ду Эхартахь Дала
Сийлахьчу Исламан байракхаш айба
Асхьабийн гIиллакхаш шайгара гайта
Делера гIо доьхуш латталаш майра
Маршо я Iожалла - кхин некъ бац вайна!
ШахIийдан лекха дарж Делера деха
Азаллехь сацийна Делан кхиэл леха
Хало ловчу Къонахчо атта сатуха
Вайн дайша аьлла ду: "ТIом тIамо буха туха!"
ШарийIат кхайкхор ду, нисдеш вайн дахар
Хьарам ду мунепакъ латта тIехь вахар
Бакъоне халкъ кхайкхар - Къонахчун декхар
Далла тIе болх билла, АллахIу Акбар!
ДегIастахь сирла малх кхетар бу кеста
Исламан зIаьнарш ю Нохчийчохь хьерчаш
Иман а, низам а коьрта ду тахна
Вай цкъа а хьийзар дац дахарех доьхна!
ХIинца ахь декийта, илланча, аз
Даккхийта пондаре толаман заза
Хьесапца, хьукумца эккхае вас, -
ЛадугIуш лаьтташ ю хьоме Кавказ!
АллахIу Акбар, АллахIу Акбар!
АллахIу Акбар, АллахIу Акбар!

Поcмотреть все песни артиста

Другие альбомы исполнителя

Похожие исполнители